Халкьашна юккьера тӀайнаш

From Meta, a Wikimedia project coordination wiki
This page is a translated version of the page Bridges across Cultures and the translation is 100% complete.
Халкъашна юккъера тӀайнаш
3-гӀа бутт: 2019 шеран декабран 1 тӀера 31 кхаччалц

Марша догӀийла Латинан Американ, Российн, Гергара Малхбален, Къилбаседа Африкан яззамашна лерина йолу вики-марафоне!

  • ХӀун?: Халкъашна юккъера тӀайнаш къовсам - Викимедиан масех кхолламо цхьаьна еш йолу вики-марафон, цуьнан Ӏалашо дуьненан кхаа регионан юкъара (Латинан Американ, Российн, Гергара Малхбален, Къилбаседа Африкан) оьздангаллаш йовзийтарна стимул яр ю. Къовсам дӀахьур бу кхузлагӀа 2019 шеран декабрехь.
  • Маца?: Вики-марафон дӀахьур ю 2019 шеран 1 декабрехь 00:01 сахьт даьлча 2019 шеран 31 декабрехь 23:59 сахьт даллалц (UTC)
  • Муха?: Дакъалацархьама, хьалха дӀаязло декъашхойн исписке. Цул тӀаьхьа, кхолла я шорбе дакъалоцучу мехкех боьзна яззамаш шайн маттахь. Кхоьллина яззамаш бухарчу категорешна юкъара хила беза:
    • Литература
    • Музыка
    • Сурт дилларан говзалла, кинематограф, ТВ
    • Кухни а, ламасташ а
    • Иэсаш
    Нагахь дог-айа лаахь, иштта хьажа мегар ду кховдийначу яззамийн исписке!
    Къовсаман мур чекхбаьлча толамхо билгалвоккхур ву къовсаман гуранчохь хьегначу къин луш йолу очкон барамца.
    Кхин тӀе баллаш лур ду, нагахь аша приоритет йолу мехкех я регионех лаьцна яззамаш тобахь!
  • Мила?: Муьлхха Викимедиан боламан къовсаман декъашхойн исписке 2019 шеран 31 декабрехь 23:59 сахьт далале (UTC) дӀаязвелла волу декъашхо.
  • Стенгахь?: 2019 шеран баттахь шун дакъалаца таро ю бухарчу Википедин дакъошкахь.
Нагахь аша нисдеш делахь Википедин хӀара дакъа… …хьан йиш ю хӀокху регионах лаьцна яздан.
Ӏаьрбийн, гӀажарийн, туркойн Latin America
Латинан Америка
Russia
Росси
Испанин а, португалин а Russia
Росси
Middle East and North Africa
Гергара Малхбале а, Къилбаседа Африка а
Оьрсийн, башкирийн, лаьзгийн, нохчийн Middle East and North Africa
Гергара Малхбале а, Къилбаседа Африка а
Latin America
Латинан Америка
  • «Стенна?»: ХӀокху къовсаман Ӏалашо — тайп-тайпанчу дуьненан регионашна юкъахь оьздангаллаш йовзийтар марздар. Википедис таро ло хааршна тӀекхачар шордан дерриг дуьненахь, амма цунна чохь хаало Малхбуза Европах а, Къилбаседа Америках а лаьцна яззамийн ледара агӀонаш. Вайна хӀокху къовсамах хетарг, дерриг дуьнен тӀехь юкъаметтигаш тояр. Глобалан меттигера хьажча, йолуш йолу хаамийн дукхаллин контент айар.
Contest details
Evaluation and prizes
Countries and articles
Participants
Help
Results